ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхи шо хьалха динчу терроран тохаршкахь байъина шайн нах дагалоьцу Францино


2015-чу шеран Лахьан-беттан 13-чохь Францехь хиллачу теракташкахь байъинарш дагалоьцу пачхьалкхехь. Яздо цунах лаьцна оьрсийн Свобода Радион сервисо. Нийса пхи шо хьалха джиIадхоша тIаьхий-хьалхий динчу терроран тохаршкахь вийра 130 стаг, бIеннашкахь бара чевнаш йинарш. Тахана Iуьйранна Францин премьер-министро Кастекс Жана зезагаш дехкира тIелатарш динчу меттигехь.

Хьалххе кечйинчу Iалашонца Парижан массех маьIIехь динера тIелатарш. "Батаклан" театран-концертан центрна, "Жима Комбоджа" ресторанна, "Ле Карийон" барехь, оцу меттигашна гонаха байинера маьрша бахархой.

"Стад-де-Франс" стадионехь Германин, Францин футболхой ловзуш динера кхо эккхийтар. Футболе хьовсуш хилла Францин президент а Олланд Франсуа а, цхьацца мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министраш а хиллера, уьш сихха кхерам боцчу меттигашка дIабигинера.

1 500 стаг вара закъалте лаьцна "Батаклан" центрехь - Iамеркара еанчу рок-группан хьовсархой. Царех вийра террорхоша 70-100 стаг, бохуш хезаар кеп-кепарчу хьостанашкара. Буьйса юккъе яхча штурмаца мукъаяьккхинера полицино террорхоша лаьцна латтийна и гIишло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG