ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал": иттех сов стаг вигина Гуьмсера. Къайлахчу набахтехь латтош бу уьш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Гуьмсера иттех сов вахархо лаьцна, мича вуьгу а ца дуьйцуш, кхайлаваьккхина Нохчийчуьрчу ницкъахоша. Бакъоларъяран "Мемориал" центро бина цунах лаьцна хаам. 13 стеган цIе яьккхина "Мемориало". Уьш бу: Асхабов Асланбек, Тарамхаджиев Саддам, Магомадов Шемал, Бимурзаев Мохьмад, Махмадов Адам, Берсанов Сулим, Османов Мохьмад, Багаев Хьабиб, Куразов Юсуп, Баматгириев Адам, Борхаджиев Зубайр, Ахьмад (фамили хаанза йисина), Гелисханов (цIе ца къаьстина).

Бакъоларъярхойн информацица, уьш берриш а "къайлахчу набахтехь" латтош бу, Соьлж-ГIаларчу къоман гвардин дозана тIехь.

"Бакъо йоцуш латтош болчу оцу нахана тIехь Iазап латтош хила а тарло, доцу бехкаш тIелецийтархьама, йа цхьана нахана доцург кхоллийта",- аьлла, билгалдоккху "Мемориало".

ГIадужу-бутт бовш IADAT телеграм-канало Iораяьккхира Нохчийчохь лечкъош бигинчу нехан тептар. Цуьнца а догIуш, Охан -баттера ГIадужу-батте кхаччалц Нохчийчохь къайлаваьккхинера полисхощша 1 511 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG