ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Федералан лехамашка велла "тутмакхийн эла" Домбаев Ахьмад


Домбаев Ахьмад
Домбаев Ахьмад

Къилбаседа ХIирийчохь федералан лехамашка велла нохчийн "тутмакхийн эла" Домбаев Ахьмад (тутмкхашлахь Ахмед Шалинский). "Росбалто" бина цунах лаьцна хаам, шайн ницкъаллийн структурашкарчу хьостана тIетевжина.

Цо бахарехь, Нохчийчуьра коьрта криминалан авторитет лехамашка велла, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIатторца, цо криминалитетан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна. Талламо бахарехь, цунна "тажтиллина" иза БуьритIерачу №1 колонехь хан йоккхуш волчу шерашкахь.

"Росбалтан" хьостано дийцарехь, Домбаев лехамашка валарна, цунна атта хир дац вийначу Азербайджанан криминалан авторитетан Салифов Надиран (Лоту Гули)империна тIехь контрол латтон къийсаме вала. Нохчийчуьра дIасавала аьтто бац цуьнан.

Гезгамашин-баттахь яздора, Челябинскан кIоштахь шен ма хуьллу чIагIвала хьийза иза аьлла. Нагахь санна, кхечу регионашкара а нах цунна тIаьхьа хIуьттуш хилахь, Гулин вешица Бакурчу Намикца веллачух бухадисинарг къовсуш толам баккха тарлора Домбаевс.

Гули веллачул тIаьхьа цуьнан метта кхача гIоьртира кхоъ: 47 шо долу Акоев Георгий (Гия Свердловский), 65 шо долу Кобешавидзе Автандил (Авто), 39 шо долу Домбаев Ахьмад а (Ахмед Шалинский).

  • Нохчийчуьрчу Шелара ву Домбаев. Москварчу тIеман кхело талораш дарна 2011-чу шарахь набахтехь яккха 10 шо хан туьйхира цунна. Текхана набахтеш Къилбаседа ХIирийчохь, Оренбурган а, Челябинскан а мехкашкахь. Маьршаваьлла, Нохчийчу юхавеана 2019-чу шарахь.
  • Набахтера мукъаваьлла дукха хан ялале иза Москва дIавахара ваха. Цо даймохк дIатассале дара мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен ларам бац " тутмакхийн низамашка", " тутмакхийн элийн" шайн Нохчийчуьра гIуллакхаш дита дезар ду аьлча.
  • 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, Домбаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийна цо криминалитетан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна, аьлла. Талламо бахарехь, цунна "тажтиллина" иза БуьритIерачу №1 колонехь хан йоккхуш волчу шерашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG