16 шаре кхаччалц долу 31 бер далош Шемара Оьрсийчу кхочур ду пачхьалкхан тIеман министраллан кема. Оьрсийчоьнан 6 субъектера гергарнаш бу уьш лардеш. "Церан могушалла зийначул тIаьхьа, оьшу карантинан барамаш а бирзича шайн гергарчийн доьзалашка дIакхачор долуш ду бераш", хаамбина Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша.
Хьалхо аьтто белира Шемара 27 бер даймахка кхачо. Карантин йирзинчул тIаьхьа уьш дIадуьгур долуш ду церан Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Пензан а, Тюменан а, Волгоградан а кIошташкарчу гергарчара.
Оьрсийчоьнан омбудсменан Кузнецова Аннин гIоьнца цIа дерзийна: Иракъера 122 бер, Шемара 75.