ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигеру яздархойн туьйранийн жайна арахецна Нохчийчохь


Соьлж-ГIалара Къоман библиотека
Соьлж-ГIалара Къоман библиотека

Нохчийчуьрчу Къоман библиотекехь презентаци хилла меттигерчу яздархоша арахецначу туьйранийн жайнан. Хьалхо газетийн а, журналийн а агIонашкахь зорбане даьхна хилла нохчийн яздрахойн туьйранаш гулдина оцу книги тIехь. Авторшлахь ву Макалов Шамсудди а, Пашаев Нурди а, Джамбеков ШаIрани а, Ахматукаев Адам а, Сейлмуханов Муса а, Закриев Iийса а, Ахмадов Муса а, кхинберш а.

"Юьхьанца бIе туьра хиллехь а къастийна, книги юкъа дахна 68 туьйра. Дерриш а берашна леринарш зорбане даха хьесап дира яздархоша. Суьрташ дехкинарг ву Исраилов Хож-Баудди",- аьлла, хаамбина библиоткан директоро Исраилова Сацитас.

Цкъачунна 500 экземлярехь арахецна туьранийн жайна. Нохчийчуьрчу библиотекашка дIасакхачор йолуш ю книгаш. ТIейогIучу заманчохь книгин шолгIа том араяккха Iалашо ю яздархойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG