ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь дуьххьара цхьана дийнахь-буса ковидах ун даьлла 22 эзар сов стагана


Цхьана кIиранчохь 3-гIа лаккхара гойту цхьана дийнахь а, буса а Оьрсийчохь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь. Ун ца даржийта вовшахтоьхначв оперативан штабан информацица, цхьана дийнахь 22 702 стаг цомгаш хилла.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь COVID-19 вирусах кхелхина Оьрсийчохь 391 пациент. Дарба хилла 18 626 стагана. Оперативан штабо шоьтан дийнахь довзийтинчу зерашца, ун токхуш ву 444 890 дархо. Эпидеми йолаелчхьана коронавирус къаьстира 1 903 253 вахархочуьнца.

Пачхьалкхехь коронавирусан уьнах леш болчийн терахь тайп-тайпана гойту. Оперативан штабан статистикаца, велла вирусах 32 834 дархо. Росстатан зераш 2-3 лакхара ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG