ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера коронавирусан статистика: 23 дархо велла, ун даьалла 1003 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказезь коронавирусан уьнах велла 23 дархо, вирус къаьстина кхин а керла 1 003 стагаца. Эпидемица къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, Ставрополан кIоштахь а кхелхина COVID-19 вирусах ворхI-ворхI пациент, Краснодаран кIоштахь велла пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а шишша.

Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 3 304 стаг.

ТIаьхххаьрчу 24 сазхьтехь динчу лараршца, къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 212 стаг:

Ставрополан кIоштахь̆ + 212 (24 164 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь̆ + 156 (19 390)
ГIалмкхойчохь+ 87 (10 380)
Дагестанехь+ 104 (17 326)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 89 (10 824)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 85 (11 275 )
Къилбаседа ХIирийчохь+ 70 (8 175)
ГIалгIайчохь + 73 (8 257)
Адыгйхь + 74 (6 753)
Нохчийчохь + 53 (3 084)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказхеь COVID-19 вирус кхетта лоруш ву 119 628 стаг. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирусан уьнца 1 903 253 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG