ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кIира: цомгашчарна ахча ца кхачор, нохчий эскаре бигар, некъан бохамашкахь лен нах


Оршот, 9

КIира долалушшехь, хаам хилира коронавирусан инфекци кхетта нах де-дийне алсамбовлуш бу Нохчийчохь аьлла. Нагахь санна, бахархоша кхин дIа а тесна дитахь Роспотребнадзоран тIедахкарш: масканаш лелор а, вовшашна юкъахь дистанци латтор а, регионерчу Iедалхошна дуьсург ду юха а изоляцин раж кхайкхор.

Инстаграмехь дIахьочу эфирехь дина оцу кепара дIахьедар Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада, яздо REGNUM агенталло. "Ун даьллачу нехан терахь десташ хилахь, дарбан хIусамаш ларор яц цомгашчу нахаца, тIаккха изоляцин раж ца кхайкхийча девр дац юха а", - аьллера Даудовс.

Спикера дийцарехь, мехкан Iедалхой лууш бац юха а дозанаш детта, амма, билгалдаьккхина цо, раж кхайкхор "вайх доьзна ду" аьлла. Даудовс дIахьедина, Роспотребнадзоран бехкамаш тесна буьтуш, жоьпазалле лелачу нахана гIуданаш а детташ, уьш таIзаршка хIитто лерина шаьш хиларх а.

Шинара, 10


Карарчу шарахь некъан бохамашкахь нах дукха беллачу регионех хIоттийначу рейтингехь хьалхара ю Нохчийчоь, яздора REGNUM агенталло. Динчу зерашца, махкарчу некъаш тIехь зен хиллачу цхьа эзар нахалахь 284 стаг велла. Иштта ду Новости агенталло 2020-чу шеран исс баттахь динчу зерийн жамIаш.

Кхинйолу Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара субъекташ а ю оцу тептарехь. Масала, ГIалгIайчохь хиллачу аварешкахь велла 163 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь 146, Дагестанехь 136, Кхарачой-Чергазийчохь 110. Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а 87 вахархо.

Кхаара, 11

Дагестанерчу Хаси-Юьртарчу СИЗО-хь латтош ю аьлла, зорбане даьккхира, Нохчийчуьра 63 шо долу Рамазанова ПатIимат. Талламчаша бехкбиллина цунна, гIаттамхойн тобанехь хиларна а, теракт дарна а. Кавказ.Реалиин корреспонденте Рамазанован гергарчара дийцарехь, Шеман Малхбузерчу Туркойчоьнан ницкъийн карарчу Джараблус гIалахь хилла ю иза.

"ЧIогIа цIа ян лууш яра иза, даймахкахь яла лаьа шена бохуш. Эххар а Туркойчоьно депортаци йира цунна Оьрсийчу. Москвара лаьцна Дагестанерчу СИЗО йигира иза. КIира а ду хIинца иза цигахь латтош йолу", - аьлла, дийцина Рамазанован гергарчо, шен цIе ца яккхар а доьхуш. Бакъоларъярхочо Саратова Хедас тIечIагIдина Кавказ.Реалиин кореспондентца хиллачу къамелехь, цуьунан гергара шайга орца дехарх "Иза Шема тIом бан яхана яцара, шен берашна тIахьа яханера.

Шемара Нохчийчу цIа балийна зударий маьрша буьту, царна цхьа а кхерам бац. Юкъараллан дахарехь дакъа лоцу цара, шаьш лайнарг а, шаьш Iехорах а лаьцна дуьйцуш. Доккха гIо хуьлу цунах кегийрхошна Iеха ца бала", - дийцина Саратовас. Рамазанован адвокато Курбаналиев Мусас хаамбцарца, Дагестанан чоьхьарачу гIуллакхийн министраллан карахь ду цуьнан гIуллакх.

Еара, 12

Эпидемиологин хьал бахьана долуш цхьана ханна доьхкуш ду Нохчийчохь хIитточу тойнашкахь бIенал сов нах вовшахбетта. Нохчийн парламентан спикеро, эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада бина цунах лаьцна хаам, яздора махкарчу хаамийн гIирсаша. "Масканаш лело еза, стоьлаш гена-гена хIиттон а оьшу, вовшашна юкъахь меттиг буьтуш.

Банкетан хIусамашка а, ресторанашка а дIахаийтина низамех, нагахь санна, цара уьш лардеш цахилахь, дIа ца къевлича девр дац", -аьлла Даудовс. Карладоккху, Роспотребнадзоро еарин дийнахь тIаьххьарчу 24 сахьтехь лаьттинчу хьолах Iорадаьхначу зерашца, махкахь 44 стаг къаьстина коронавирусан ун долуш.

ПIераска, 13

ЦIе ца йоккху цамгар талларехь ахчанаш кхоош йолчу Оьрсийчоьнан регионашлахь къастийна Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а. Наха шайн могушалла Iалашъеш закъалт чулучу хьукмато (ОМС) билгалдаккхарехь, онкологин лазарш ду аьлла, шеконаш йолчу наха шайн чоьтах толлу лазар, маьхза лоьрех чекхбовла таро йоллушехь.

"Молекуляран-генетикан талламаш ца бинехь а, таргетан терапи язъеш хилла царна. Сан хаттар ду лоьрашка-онкологашка: иштта дан мегаш дарий? Гуш ду, дацара. Хетарехь, йа цигахь лоьраша кхечу хьостанашкара эцначу цхьахйолчу анализех пайдаэцна.

Тарло, бахархоша шайгара ахча а луш йина, тамашен хIун ду, уьш маьхза, ОМС-ан чоьтах ян йиш йолуш яра", аьллачу урхаллан куьйгалхочун Царева Ольгин, Оьрсийчоьнан онкологин конгрессехь дина дIахьедар далийна "Медвестник" гIирсо. Молекуляран-генетикан талламаш бина хиларх ОМС-ан информаци йоцу 13 регионан цIе яьккхина Царевас. Шаьш бахьанаш толлур ду аьлла, тIетоьхна цо.

Шот, 14

Нохчийчоьнан парламентан спикеран Даудов Мохьмадан цхьанакхетар хилла республикан керлачу тIеман комиссарца Есимбиев Турпал-Iелица. Цаьршиннан дийцарш хилла карарчу шарахь нохчийн кегийрхой эскаре бахийтарх лаьцна.

ТIеман комиссаро чIагIо йина, доьдучу шарахь Нохчийчуьра 500 жима стаг эскаре кхойкхур ву аьлла. Царех 400 Къилбан тIеман гонашкахь вуьтур волуш ву, ткъа висинчу I00 стаге даймахкахь эскаран гIуллакх кхочушдойтур ду.

КIиранан де, 15

Арсамаков Абубакар
Арсамаков Абубакар

Москван индустриалан банк (МИнБанк) кхоьллина, цуьнан урхаллехь лаьттина, "Справедливая Россия" кхеташонан декъашхо хилла Арсамаков Абубакар велла коронавирусах аьлла, хаамбинапартино шайн сайтехь.

"Лоьрашша дикка къийсира цуьнан могушалла, амма цунна дарба дан ницкъ ца кхечира",- аьлла яздина хаамехь. Москох индустрин банкан 1998 шарахь дуьйна коьртехь вара Арсамаков Абубакр. 2016-чу шарахь "Справедливая Россия" партин цIарх Пачхьалкхан Думе харжамашкахь дакъалецира цо. Амма цунах гIуллакх ца хилира. 2018-чу шарахь дийца даьккхира, Нохчийчурчу Iедалша бизнесхочун Арсамаков Абубакаран долара дIаяьккхина "Гранд-парк" олу самукъадаккхаран центр бохуш. Бизнесхочо кехатна куьгяздина хиллера цуьнан долара волуш.

ХIетталц цуьнах йолу ах са шена схьаоьцуш вара иза. И хаам бинера Маршо Радиога шен цIе ца йоккхучу Iедалерчу хьостано. Арсамаковн ахчанех йина а, болх бан йолаялийтина а яра и комплекс, Советан заманахь дуьйнна дIатесна лаьттина хилла йолу. Иштта Арсамаковс шен чоьтах хьалайира Соьлж-ГIалара 30 гIаттах лаьтта, Грозный-сити комплексна юкъайоьду гIишло а.

2013-чу шарахь иза цIе а яьлла егира. ХIусамаш юха а меттахIоттийра Арсамаковн ахчанах. ХIинццалц "Олимп" хилла цIе а хийцира цуьнан "Феникс" аьлла. 2010-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Арсамаковна елира Кадыров Ахьмадан цIарх орден.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG