ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 12 сахьтан коьрта керланаш – доцца


SpaceX Falcon 9 ракета а, Crew Dragon космосан кема
SpaceX Falcon 9 ракета а, Crew Dragon космосан кема

Молдовехь президент хаьржина премьер-министр хилла Санду Майя

Молдавехь кIиранан дийнахь хиллачу президентан харжамашкахь шолгIачу муьрехь толам баьккхина Европехьарчу кандидата премьер-министр хиллачу Санду Майяс. Иза гойту оршотан дийнахь харжамийн коьртачу комиссино довзийтинчу жамIаша.

Сандру Мая
Сандру Мая

Сандуна шайн кхаьжнаш дIаделла 57, 7 процент харжамашкахь дакъалаьцначара. Цу кепара Молдавин исторехь президент хаьржина зуда. Сандуца президентан дарж къовсуш волчу карарчу хенахь оцу даржехь волчу Додон Игора гулдина 42,3 процент кхаьжнаш.

SpaceX шозлагIа а космосе дахийтина Crew Dragon космосан кема

SpaceX компанино Дуьненаюкъарчу космосан станцех (ICS) дIахотта космосе дахийтина шен шолгIа Crew Dragon кема. Falcon 9 олучу ракето шен некъ болийра Американ Флорида штатерчу Канаверал мысерчу космодромера. ICS тIекхача Crew Dragon-нна дезар ду 27 сахьт.

Космосан кемантIехь ву 4 астронавт: америкахой ХIопкинс Майкл а, Гловер Виктор а, Уокер Шеннон а, ткъа иштта Японина эрокосмосан талламийн агенталлан астронавт Ногучи Соити а. Дуьненаюкъарчу космосан станцехь уьш Iийр бу 6 баттахь.

Пандемия елахь а кхин тIаьхьатоттур яц Токиора Олимпиада

2021-чу шаре дIатеттина Токиора Олимпиада дIахьур ю шен хеннахь, дуьнентIехь хIинца а пандемия эшийна яцахь а.

Токио
Токио

Оцунах лаьцна ортшотан дийнахь, Лахьанан-беттан 16-хь барт бина Токиохь хиллачу цхьаьнакхетарехь Японин премьер-министро Суга Ёсихидэс а, Дуьненаюкъарчу олимпийн комитетан куьйгалхочо Бах Томаса а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG