ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литвиненкох йисинчо Европан кхелехула 3,5 милллион евро компенсаци йоьху Оьрсийчоьнера


Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъашкахь болх бинчу, 14 шо хьалха Лондонехь полони-дIовш даларца вийначу Литвиненко Александрах йисинчу зудчо адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхелехула 3,5 миллион евро доьху Оьрсийчоьне компенсацина, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

ЦIийнда верах хиллачу цатоманна а, оцу бахьаница доьзална рицкъанца хиллачу эшамна а дуьхьал доьху ахча Литвиненко Маринас. Орзан бухе дуьллу зудчо дина зулам къаьсттина ирча хилар а, и зулам схьадаьллачу меттера кхин дуккха а цунах тера зуламаш схьадевлла хилар а, церан орам орзахочунна дIалакъо лаар а. Европехь Литвиненко а, кхиболу нах а хIаллакбарна бехке лору зудчо Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш.

Хаам баржочу The Guardian газето билгалдоккху Литвиенкос чуделлачух тера, шуьйрра динчу зуламех гIуда даккхарца доьзна дов Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело цкъа а листина цахилар.

Велла Литвиненко Александр 2006-чу шеран Iай. Британино чIагIдарехь, къайлахчу сервисехь эпсар лаьттинчу, тахана Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Луговой Андрейс а, цуьнан доттагIчо, бизнесхочо Ковтун Дмитрийс а дIовш тесна Литвиненкон чайна чу, шаьш иза кафе кхайкхича. Амма Луговой а, Ковтун а кIера ца хилла шайн бехканна, ца вахара иза шиъ шайна тIехь Лондонехь еш хиллачу кхеле а.

The Guardian газетанна ша еллачу интервьюхь Литвиненко Маринас дагалоьцу химин герзаца Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дина зен, Навальныйна дIовш далар. Европера цхьамогIа пачхьалкхаш а, церан кхерамзаллин урхаллаш а тешна ю оцу зуламашна тIехьалаьтташ Оьрсийчуьра Iедал хиларх.

XS
SM
MD
LG