ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Баксанан кIоштарчу Атажукино юьрта йистера шира кешнаш аьхкина бевзаш боцчу наха, дIаяьхьина бIеннаш шераш хьалха дIадоьхкинчу декъешца карийна мехала хIуманаш, хаам бо "Кавказский Узел" газето.
Мохкталлархочо Котляров Виктора бахарехь, бIешераш хьалхалера ши кешнаш ду Атажукино юьртана гергахь, бIеннашкахь бу дIабоьхкинарш. Цо дийцарехь, иттаннашкахь аьхкина баьрзнаш.
"Кешнаш ул-уллехь де, кIоргехь а дац. Уьш тIулган харанаш ю, тIехула экъанаш а лаьцна. Зуламхоша, гарехь, машенах троссаш а туьйсуш, дIасаяьхна кешнашна тIера экъанаш, лечкъийна чуьра хIуманаш", – боху Котляровс.
Шира кешнаш сихха пачхьалкхо тергоне эца а дезара, цо хадеш хила а дезара, аьлла хета цунна.
- Хьалхо Къилбаседа ХIирийчохь девнаш лилхира археологаша Нузал-килсера кешнаш ахкар долорца доьзна. ХIирийн къоман дин лелочу наха доьхкура эхкарш дIадахьа – беллачийн кешнаш хьедаро дерриг а къоманна тIе бала боссор бу, бохура цара.
- БуритIе кхачош буьллучу некъаца нисделира шира "Зилера кешнаш", оцу бахьаница бахархоша сацабайтира Iедале болх, некъ дийзира 700 метр юьстах дIаоьза.
-