Соьлжа-юьртахь, кIоштан центрехь, бевзаш боцчара герз тоьхна вийна полицехь болх бина Полонкоев Ислам.
Кавказ.Реалиига хаам бинчу хьостано бахарехь, бахьана хила тарло чIир – стохка Iай шина тайпано латта къовсуш Евлоев Асламбер верна бекхам.
Цо бахарехь, "карарчу муьрехь "ВАЗ-21114" машен лохуш ю полици – цуьнца къайлабевлла герз тоьхнарш".
- ЕвлоевгIарий, ПолонкоевгIарий шайна юкъадоьллачу девнехь 2019-чу шеран ГIура-беттан 30-чохь, буса, герзаш диттира вовшашна. Вийра Евлоев Асламбек, лазийра 6 стаг. Шина тайпано къевсинарг дара Жейрахан лаьмнашкара латта а, бIаьвнаш а. Пхи шо ду царна юкъахь къовсам лаьтта.
- 2020 шеран аьхка латта къевсина, герзаш диттира наха вовшашна Несарахь. Цигахь вийра 4 стаг, 7 лазийра.
-