ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогер Абдурахманов вуьйриг лучу 50 эзар еврох цхьа дакъа схьа а эцна, диъ тIеэца дезаш хилла киллер


блогер Абдурахманов Тумсо, видео чуьра скан
блогер Абдурахманов Тумсо, видео чуьра скан

Швецехь йоьдучу кхелехь хазийна блогер Абдурахманов верна луш хиллачу ахчан барам. Ша вен везарг тергалвеш хьийзарна, видеоца иза гайтарна, шена 10 000 евро караделлера, новкъанна ахча а делира, кхин а 40 эзар доллар тIедала дезаш а дара, аьлла Абдурахманов вен гIортарна жоьпе озийначу Мамаев Руслана. Цо кхелехь дина дареш довзийтина ша Абдурахманов Тумсос шен ютуб-каналехула.

"Цо шен юьхьанца со вен 1алашо яцара боху. Амма тIаьхьо цунна со вен лиина, шена 50 эзар евро лучу даьлча", – д1ахьедина блогера.

Абдурахмановс бахарехь, Нохчийчоьнан Iедало хьалхо пхи миллион евро лур да аьлла хилла иза вийначунна. Цунна хетарехь, киллерна 50 эзар бен а ца луш, дисина ахча шайна дита гIерташ хилла юкъалеларш.

"Боккха болх бина цара, баттахь сов со тергалвеш, сан некъаш зийна, ас мел боккху ког ларбина", – билгалдоккху Нохчийчуьрчу 1едалан критика.

Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамел деш Абдурахмановс довзийтира кхело тухур йолчу хенах лаьцна шена гург: зуламан дозанал арахьара лар гучуяьлла хиларе терра, Швецин прокурора коьрта бехкениг оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба сацам бар деха тарло, цунна гIодеш хьийзинчу зудчунна – набахтин 15 шо.

Кхел йоьдуш ю хIинца а.

  • Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Официалехь йоцчу информацица, Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву иза динарг. Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцна Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.
  • Яхначу аьхка Швецин полицино хаам бира Абдурахманов вен г1оьртинчаларахь Хасханов Имран а ву аьлла.
  • Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо шен даймохк.

XS
SM
MD
LG