ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Воронежерчу набахтехь хан текхна воллушехь, юха а набахте кхачийна ФСБ-но пхи стаг


Шайна хьалха кхелан сацамашца тоьхна хенаш Воронежерчу №3 набахтехь токхуш воллучу 5 стага вовшахтоьхна терроризман маша ша Iора а баьккхина, оцу наханна юха а ехха хенаш йиттина, хаам баржийна Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисо (ФСБ).

Кхелан сацам хилла Лахьан-беттан 13-чу дийнахь. Тоьхна хенаш ю 8,5 шарера 24 шаре кхочуш.

Бехктакхаман кодексан пхи артикл талхор бехкедо Бугаков Русланна, Гатджибаибов Герьясна, Чаусов Русланна, Степанов Максимна, Мухаметзянов Сергейна. Царех массарел воккхахчун ду 49 шо, жимахчун – 31.

Талламо бахарехь, хьалхо айдина ду дов, стохка а, кхушара а набахтешкара арабевлла хинболчу нахах вовшахкхетта хилла терроран тохарш дан Iалашо йолу тоба. Маша дагахь хилла Воронежехь цIа эккхийта а, Шемахь тIемаш бечу Жуковскийн а, Гагаринан а цIарх йолчу тIеман академин дешархошна тIелата а, билгалдоккху ФСБ-но.

РИА "Новости" агенталлин хаамца, хенаш тоьхнарш массо а бу Воронежерчу набахтех чекхбевлла хилла. Хууш дац, муха мах хадабо хиллачун набахте хьийсийначу нехан адвокаташа.

XS
SM
MD
LG