ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс дIадаха аьлла берийн майданна тIера васташ - Капитан Америка а, Адам-Гезг а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан реза ца хилла Куьрчалахь крела йинчу берийн майданахь дехкийнчу васташна. Цунна хетарехь, бераш ловзучу меттехь бахка хьашт дац америкахойн Marvel-комиксашкара турпалш.

"ДIаяха еза хIара коьртехь кхоьллина персонажаш, хIара фантази. Вайн бакъболчу турпалхойн суьрташ дIадетта", - омра дина Кадыровс.

Мехкан куьйгалхо реза ца хилларш бу Капитан Америка, Аьчка стаг, Стаг-Гезг, кхиболу а комикс-турпалхой – иза го социалан машанашкахь яьржинчу видео чохь.

  • Хьалхо хаам баьржира, Нохчийчуьрчу Iедало 9,6 млн соьманна тендор кхайкхийна махкахь президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан цIарх мидалш а, орденаш а эца, аьлла. Шарахь оьцучу оцу тайпанарчу совгIаташна Нохчийчоьне дойъу ахча кхаьчна 34,6 млн соьме.

XS
SM
MD
LG