ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дербент-гIопан пен чубоьжна. Меттигерчу Iедало Москва йо бехке


Эзар шерашкахь лаьттина Дагестанерчу Дербент-гIопан пенан дакъа чудоьжна, хаам баржийна, Дербентехь мэр Iийначу, тахана республикан пачхьалкхан секретар волчу Абакаров Хизрис.

"Дехха даьхкинчу догIанаша тхан Дербентехь бохийна гIопан къилбера пен, Орта-Капы кевнашкара дакъа. Иза боккха эшам бу гIалина. ГIопан къилбера пен – иза Дуьненаюкъарчу ЮНЕСКО-н хазанийн дакъа ду", – яздина хьаькамо шен инстаграм-агIонехь.

Абакаровс бахарехь, "кийрахь дог доцчу бюрократино кхачийна хьал бохаме". Дербентера ГIап "Оьрсийчоьнан культуран министралло жоп луш йолу зона ю", цундела меттигерчу Iедалан шен лаамехь гIопехь белхаш дIабахьа бакъо яц, яздо цо.

  • Хьалхо хаам баьржира, Дербентерчу музейн директор Iийна Ибрагимов Iела лаьцна Москвахь, цунна бехкедо бюджетера ахча лачкъор, аьлла.
  • Дербент-гIап – Таркхойн хIорда йистехь, мохк къилбаседанера тIегIертачу мостагIех ларбеш лаьттина, эзарш шераш хьалха хIоттийна турс-гIишло ю. Дуьненан мехалла а лоруш, ЮНЕСКО-н тептара язйина Дербент-гIап.

XS
SM
MD
LG