ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь 15 пациент велла коронавирусах, цомгуш хилла 1009.
Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь уьнах велла 5 стаг, Ставропол-махкахь - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь – шишша. Пандемих Къилбаседа Кавказехь берраш а белларш бу 3356 официалан терахьашца.
Дийнан-бусан а, юхьанца схьа а йолу статистика:
• Ставропол-мохк + 217 (24809)
• Краснодар-мохк + 161 (19869)
• Дагестан + 97 (17619)
• Кхарачой-Чергазийчоь + 89 (11090)
• ГIебарта-Балкхаройчоь + 89 (11539)
• ГIалмакхойчоь + 77 (10605)
• Адыгей + 76 (6975)
• ГIалг1айчоь + 72 (8473)
• Къилбаседа ХIирийчоь + 72 (8390)
• Нохчийчоь + 59 (3254)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь вирусах цомгуш хилла лору 126 623 стаг, ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 1 971 013 (статистикан декъа язбо Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера бахархой а).
Ерриг а ханна рекордан терахь ду Оьрсийчохь коронавирусах беллачийн селханлераниг – 442.