ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Набахте, Iазап, тIаккха валар". ХIунда арабоху нохчий Европера, хIун кхерам бу царна даймахкахь


Францин полисхой

Францехь хьехархо вийначул тIахьа цIеххьана телхина цхьаболчу нохчийн мухIажарийн хьал: уьш цIехьа хьежо мегаш бу. Нохчийчуьра схьабевллачу нахана депортаци яран бахьанаш къастош Кавказ.Реалии сайтан корреспонденто къамел дина нохчийн диаспоран цхьаболчу векалшца.

"ЧIагIйинчу рожехь болх беш ю полици"

Парижера кху деношкахь цIахьажийна, 9 шо долуш Франце кхаьчна хилла, 32 шо долу Хасиев Iийса. Цунах лаьцна хиъна блогер а, юкъараллин жигархо а волчу Финляндехь вехачу Ломаев Мусана. Гергарчара дийцарехь, Хасиев Францера араваьккхина социалан машанашкахь францхошна дуьхьал йозанаш дарна.

Сан хIусамда набахте хьажийра, ша волуш хилар хаийта миграцин сервисе тIевахча

Кхин цхьа нохчо – Мохьмад – ву депортацин лагерехь. Иза цига хьажийна ГIура-бутт тIекхаччалц йолчу ханна. Оцу хьокъехь хаам бина "Европерчу нохчийн ассамблеян" векало Албаков Шемила.

"ТховкIело йоьхуш хилла а, махкахь баха кехаташца хьал ледара долу а дукхахаболу нохчий тахана баккъалла а цIахьажоран а, кехаташ дIадахаран а кхерамна кIеллахь бу. Хьалхо елла йолу политикан тховкIело цхьацца бахьанашца дIаяьккхина масийтта стагера. Amnesty International бакъонашларъархойн вовшахтохарралла а ю дIахьедарш деш, экстремизмаца къийсам латтабо бохуш, адамийн бакъонаш талхо мегаш хиларх лаьцна. Амма полици чолхечу рожехь болх беш ю, телевизионехула кхайкхамаш беш бу арабаха аьтто берш цIахьежо беза, бохуш. Цакхета и нах коьртачу декъана я терроризмаца а, я экстремизмаца а цхьа юкъаметтигаш йоцуш хиларх", - боху Албаковс.

Вай лакхохьа хьахийначу Ломаев Мусана хетарехь, цхьаболчу нахана йина депортацеш бух болуш ю.

"Нийса дац хьайна тховкIело елла пачхьалкх "кафирийн" хетар а, цуьнца цабезам хилар а. Депортаци йинчу цхьамма социалан машанашкахь боьха мел дерг яздеш хиллера Францех лаьцна. Тешаме боцурш арабоху махкара, Iедалий бакъо ю иза дан – махкахь кхайкхийна ду чIагIйинчу рожан хьал. Суна хаьа цу тайпа нах дуккха хилар. Радикалан къамелаш а, кхайкхамаш барна чубоьхкина нах а бу. Пачхьакхан агIор оцу гIуллакхе хьажча, цуьнан бакъо ю иза дан", - боху Ломаевс.

Amnesty International-о Лахьан-баттахь ша дуьхьал хилар хаийтира пайхамарна карикатураш яхкарна дуьхьал маьрша арабевлла нах Францехь хьийзорна.

"Карикатураш зорбане яхарна реза боцучу нехан бакъо ю шайна цатам хилар хаийта. Карикатурашна дуьхьал хиларх стагах сепаратист а, фанатик а, исламист а ца хуьлу", - чIагIдо бакъонашларъярхоша.

Нохчийчуьра кхерам

Департацин лагере хьажийначу Мохьмадан хIусамнанас дуьйцу (цу шиннан 5 бер ду), шаьш Малхбузерчу Европе кхечира 10 шо хьалха, бохуш. Цуьнан майра маьрша вуьтуш цахиллера, 1990-чу шерашкахь цо Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом беш дакъалаьцна хиларна.

"Иза набахтехь хан токхуш вара, суна вевзачу хенахь. Маьршаваьлча "кадыровхоша" масийттазза дIавигира иза – тIеххьара 2009-чу шарахь. Оцу хенахь иза ОМОН тобанан подвала чохь латтийнера 6 баттахь. Тхуна иза дийна вуй-вац а ца хаара. Цуьнан аравала аьтто баьлча, тхо дIадахара Оьрсийчуьра. Польшехь мухIажарийн статус елира тхуна. Амма дукха хан ялале тхо юха а карийра. Сан хIусамда волчу оьхуш бара муьлуш бу а ца хуу нах. ТIаккха тхоьга хаам бира Нохчийчуьра схьа цунна кхерам хиларх лаьцна," – дийцира Мохьмадан хIусамнанас.

Сан хIусамдас цкъа а къобал дина хIума дац карикатурашна тIехула адам дер

2012-чу шарахь церан доьзал Польшера дехьабаьлла хиллера Франце, оцу пачхьалкхехь тховкIело еха. Амма церан дехар кхузза юхатуьйхира миграцин сервисо.

"Дуьххьара тхан дехар юхатоьхча Iедалша тхо арадаха сацам бира. Амма оха латкъам бира оцу сацамна, ткъа Францин Iедалш реза хилира Оьрсийчохь ваха цунна кхераме ду бохучуьнца. Евробартера тхо арадаха бина сацам юхабаьккхира, амма Францера арабовла дезаш дара тхо. Оцу хенахь хIинца Польша реза яцара тхо тIеэца", - тIетуьйхира зудчо.

Цо дийцарехь, тховкIело луш цахилар хьокъехь сацам бира, историн хьехархо верца доьзна хьал хIоьттина а долуш, популисташ болчу политикаша берриш нохчий Францера арабаха беза, бохуш дIахьедарш деш а долуш: "Сан хIусамда набахте хьажийра, ша волуш вуй хаийта миграцин сервисе тIевахча. ХIинца кхерам бу иза Оьрсийчу дIахьажоран. Ткъа иза ду - набахте, Iазап, валар, бохург. Кхузарчу кхело Оьрсийчу кхачар кхераме ду цунна аьллехь а, цунна депортаци ян мегаш ю. Префектура шечунна тIера ца йолу, сан майра Францина кхераме ву, бохуш, цо цхьа а низам ца дохийнехь а. Цуьнан цкъа а проблемаш хилла яц полицица".

Мохьмадан а, цуьнан доьзалан а хаттарехь тIаьххьара тIадам билла безаш ерг ю Европан адамийн бакъонашкахула кхел, цига дехар хьажийна царна гIо деш болчу юристаша.

Мохьмад карарчу хенахь коронавирус хьакхаелла дарбанан хIусамех ву, ткъа цуьнан доьзалхой - хIусамнана а, ворхIанна тIера 14 шаре кхаччалц хенаш йолу пхи бер а – хьешан хIусамехь дехаш ду.

"Сан хIусамдас цкъа а къобал дина хIума дац карикатурашна тIехула адам дер. Иза дуьхьал вара цу тайпаниг лелорна. Тхан бераш францхойн школехь доьшуш ду, ас мотт Iамийна интеграци ян Iалашонца. Тхо юкъаметтигаш дIакхоьхьуш ду меттигерчу нахаца, кхузахь даха лаьа тхуна", - дуьйцу Мохьмадан хIусамнанас.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG