ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 12 сахьтан коьрта керланаш – доцца


Байден: Трампа, шен эшамна къера ца хуьлуш, новкъарло йо COVID-19 цамгарца къийса

Харжамашкахь президент хаьржинчу Байден Джос дIахьедина, шенний, къовсамехь эшча дарж дита туьгуш воцчу Трамп Доналданний агIонаш къийсалуш Iачу юкъанна кхуьуш лаьтта коронавирусо ден зенаш, аьлла.

II миллион ун кхетта стаг ву Американ Штатийн бахархошлахь, белла пандемин мур лаьтташ 250 эзар гергга нах.

Талламан комитет шен имидж зен 3,6 миллион сом дайъа дагахь хилла

3,5 миллион соьман тендор кхайкхийна хилла Оьрсийчоьнан талламан комитето шен а, шен куьйгалхочун Бастрыкин Александран а прессера, интернетера имидж зейта.

Амма юхаяьлла оцу гIулчах хааман гIирсашкахь оцу хьокъехь дийцадаьккхича. Шен телеграм-каналехь яздо Талламан комитето, ша лаам юхаэцна, "бюджетера ахча эвсара дохкархьама", аьлла.

Пачхьалкхан Думера проект: пикет хIоттош рагI лацар низамехь боцу гулам лара беза


"Цхьааллин Оьрсийчоь" партех волчу депутата Вяткин Дмитрийс чуеллачу проекто карладоккху митингех а, пикетех а долу низам.

Дехка деза боху проекто Iедалан ницкъийн цIеношна хьалха бахархошна гулам хIотто. Цхьалхачу пикетехь латта протестхой рогIе хIиттар а лара беза санкци елла боцу гулам, боху проекто.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG