ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киркоров ХIинжа-ГIала веъча иза вен кечлуш хилла аьлла, набахте хьажийна виъ стаг



Къилберчу тIеман кхело (Ростов) бехкевина Казуев Хидирнеби, Халдузов ГIабибулла, Ибрагимова Самир, Магомедов Шемал ХIинжа-ГIала вогIучу Киркоровн концертехь эккхийтар дан кечамбина хиларна. 10-19 шераш кхайкхийна царна набахтин луьрачу хьолехь такха.

Талламан версица, 2017-чу шеран Товбеца-беттан 6-чу дийнахь ХIинжа-ГIаларчу "Хазар" ресторанехь Оьрсийчоьнан артистан Киркоров Филиппан концертехь куьйга йина бомба эккхийта бохкуш хилла кегийнах. Амма ха чIогIа хиларна аьтто ца баьлла церан концерте кхача.

Хенаш кхайкхийначех цхьамма даредина талламна, шаьш Кирокоров вен дохкура, аьлла. Иза вен мах кхайкхинарг артист Галкин Максим вара аьлла ду цо дина тоьшалла. Шен зуда Пугачева Алла бахьанехь шегахь лаьттачу хьогIаца доьзна Галкин воллура Киркоров шайга вейта аьлла дара дина даре. Ткъа Галкина харц дира и тоьшалла.

XS
SM
MD
LG