ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Протестан акце нах кхайкхарна гIалгIайн оппозиционер Хазбиев Мохьмад лаьцна Магасехь


ГIалгIайчоьнан полицино республикан коьртачу шахьарахь Магасехь оппозиционер Хазбиев Мохьмад лаьцна низамехь йоцчу акцешка нах кхайкхарна.

Ша Хазбиевс Кавказ.Реалиин корреспонденте бинчу хаамца, Iуьйрана экстремизманна дуьхьалоечу центрера баьхкинчу белхахоша шайн цIийне дIавигина иза, цигара кхачийна полице. Административан кодесера низам дохор бехке диллина цунна. Амма Хазбиевс ца дина дареш, шена Конституцин 5I-чу декъо луш йолчу бакъонна тIе а тевжина.

Яхначу сарахь Хазбиевс видео-кхайкхам баржийра бахархой Магасерчу Зязиковн майданахула дIасабуьйлабала кхойкхуш. Лецна, кхелехь лебечу оппозиционерашна, Саутиева Зарифина а, Нохчийчоьнний, шайн махканий юкъахь къастийначу дозанна резабоцуш хьийзинчу кхиболчу гIалгIайн жигархошна махкахоша сагатдойла хаийта Iалашо яра Хазбиевн. Саутиеван тахана яра кхел йолалуш.

XS
SM
MD
LG