ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 12 сахьтан коьрта керланаш – доцца


Федерацин Кхеташоно магийна Путинна Карабахе эскарш хьовсо. Ткъа уьш цигахь долу-м кIира а ду

Ломан Карабахерчу конфликтан зонехь латто эскарш хьовсо магийна Оьрсифчоьнан Федерацин Кхеташоно президентана Путин Владимирна кхаарин дийнахь. Конституцино президент декхарево Оьрсийчоьнан эскарш дозанал арахь латто эшар Федерацин Кхеташонца дийцаре дан а, цуьнгара пурба даккха а. Кхеташоно хIинцца бен и хаттар листина дацахь а, шайца герзаш а, техника а йолуш, машарбаран тIеман контингент Путина Карабахе дIахьажийна ду кIира – Лахьан-беттан I0-чохь Эрмалойчоьнан а, Азербайджанан а тIом сацо барт хуьллушехь.

Бинчу бертаца а догIуш, Карабахе хьажийнарг ву 2000 гергга эскархо, уьш дIатарбина тIемаш лаьттинчохь севццачу Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний дакъошна юккъе а, Карабах Эрмалойчоьнах юзучу Лачинан уче шех олучу меттехь а.

6,6 млрд мах бу экспертизах чекхдакхалц Оьрсийчоьнан могашаллин министралло ца духкуьйтуш латточу молхан

Дилхан атрофия йолуш, дегI ца лелалуш дуккха а бераш ду Оьрсийчохь, ткъа дац деш пачхьалкхехь оцу лазарна дуьхьал молха – Золгенсма арахоьцург ю Швейцари.

Оцу пачхьалкхера Оьрсийчу кхачо кечдина Золгенсма 88 миллион долларна (6,6 миллиард сом). Амма молха ша зен деза юьхьанца, аьлла Оьрсийчоьнан министралло. Оцу бахьаница цомгушчарна тIекхачо хьедийр ду молха, ткъа царна сихха тоха дезаш ду иза, дIахьедина Золгенсма арахьоьцучу Швейцарерчу Novartis фирмин векалто.

Pfizer компани яьлла ша COVID-на дуьхьал кхоьллина вакцина теллина, эвсаралла ю 95%

Pfizer корпорацино дIахьедина COVID-19 уьнна дуьхьал ша BioNTech компаница цхьана кхоьллина вакцина зийна яьлла, аьлла. Хаамо бахарехь, 95% ю молхан эвсаралла.

43 эзар стага тохийтина шена зеран барамашкахь вакцина, царех 170 стагна кхетта хенан йохалла коронавирус (оцу дархойх массарна а санна молхан плацебо тоьхнера, 8-нна бен ша вакцина тоьхна а яцара, боху талламчаша).

XS
SM
MD
LG