ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 25 пациент. Цомгуш хилла цунах кхин а 1039 вахархо, боху Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо.
9 стаг кхелхина Дагестанерчу дарбан х1усамашкахь, Краснодар0махкахь велла 6 стаг, Ставропол-махкахь – 5, ГIебарта-Балкхаройчохь – 3, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а –цхьацца. Верриг а уьнах Къилбаседа Кавказехь велларг лору 3404 стаг.
ТIаьххьарчу дийнахь-буса а, пандемин ерриг а хенахь а цомгуш хилла:
• Ставропол-мохк + 216 (25245)
• Краснодар-мохк + 169 (20204)
• Дагестан + 103 (17820)
• Кхарачой-Чергазийчоь + 87 (11265)
• ГIебарта-Балкхаройчоь + 89 (11718)
• ГIалмакхойчоь + 79 (10758)
• Адыгей + 81 (7134)
• ГIалгIайчоь + 76 (8623)
• Къилбаседа ХIирийчоь + 73 (8536)
• Нохчийчоь + 66 (3382)
Официалан статистико бахарехь, регионехь юхьанца схьа COVID-19 лазар кхетта 124 685 вахархочунна. Ерриг а Оьрсийчоьнан и терахь ду 2 015 608.