ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан премьер-министран дарж делла Амиранов Iабдулпатахье


Дагестанан Iедалехь куьйгалхочун гIовс лаьттинчу Амиранов Iабдулпатахьна ханна тешийна премьер-министран дарж, хаам бо"Интерфаксо".

Мордовин куьйгалхочун дарж Волков Владимира дитар къобалдина президента Путин Владимира, цуьнан метта ханна хIоттийна Дагестанехь премьер-министр Iийна Здунов Артем.

  • Бутт хьалха Дагестанан куьйгалхочун дарж дитина Васильев Владимира. Цуьнан бахьана могашалла эшарца дозу аьлла ду яздина Кремлан сайта тIехь.
  • Оьрсийчоьнан президентан омрица ханна, харжамаш хиллалц, Дагестанан куьйгалхочун дарж делла Меликов Сергейга.

XS
SM
MD
LG