ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нальчикерчу шен коллегийн агIолоцуш пикете ваьллачу адвокатна гIуда тоьхна Москвахь


Москварчу Басманан кхело кхаарин дийнахь 10 000 сом гIуда тоьхна цхьалха пикет хIотторна адвокатна Берман Данилна. Иза протестан акце ваьллера ГIебарта-Балкхаройчохь Iедална дуьхьалоярна бехктакхаме ийзийначу адвокатийн Ципинова Дианин а, Жилоков Ратмиран а агIолоцуш.

Юкъараллин барамехь низам а дохош дакъалацарна олу административан жоьпалле озийна Берман. Цо харцо лору шеца йинарг, лерина ву, эшахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхаччалц а, аьрзнаш дIасахьийсо.

Пхи бутт хьалха лецира иза Оьрсийчоьнан адвокатурин де долуш Талламан комитетна хьалха пикете ваьлча.

  • Хьалхо хаам баьржира, Москварчу гIалин кхело хийцам боцуш битина Нальчикерчу адвокаташкахьа гIолоцуш хIоттийнач пикетан кхаа декъашхочунна, аьлла.

XS
SM
MD
LG