ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецна кхобу хан яхйина гIалгIайн протестан лидершна. Кхел йолор ю карара бутт бовш


Митинг против договора о границах, Магас, Инугештия / Rally against frontier treaty, Magas, Inugestia / 4 октябрь 2018

ГIалгIайчохь лаьттинчу протестан боламан 7 жигархочунна лаьцна латто магийна хан дIаяхйина Кисловодскерчу кхело.

Бакъоларъечу "Мемориал" центро бечу хаамца, юьхьанцара ладегIарш долош ду кхело. Жоьпе балийнарш дукха хиларна Кисловодскехь дIахьойла дац кхел, иза Ессентукехь хир ю.

Хьалхара белхан де ду кхелан кху беттан 24-чохь. Дов хоттур ду Барахоев Ахьмадна, Мальсагов Мусана, Нальгиев ИсмаьIална, Саутиева Зарифина, Ужахов Малсагна, Хаутиев Бахьавдинна, Чемурзиев Барахна тIехь.

  • 2019 шеран Зазадоккху-беттан 26-чохь гулам хилира Магасехь. Протестхоша юхадаккха бохура мехкан Iедале цо Нохчийчоьнца доза къастош куьг яздина документ, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек декхаревора дарж дита. Гулам дIасалоллучу полицин дакъойх литира протестхой.
  • "Мемориал" центро политикан тутмакхаш лору кхеле ийзийнарш.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG