ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макрон: ингалсан меттан зорбан гIирсаша расизман а исламофобин а хиларна бехкейо Франци  


Францин президент Макрон Эммануэль
Францин президент Макрон Эммануэль

Францин президенто дIахьедина, цхьайолчу пачхьалкхашкахь цакхетам бу францойн юкъараллан чулацамах, аьлла, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Францин президента Макрон Эммануэла бехке бина ингалсан меттан зорбан гIирсаш, Франци хьехош харцхьара озабезаме хиларна. Цо дIахьедар дина, прессо шайн пачхьалкх расизман йолуш санна юьйцу, цу кепара шаьш экстремисташкара ловш долу ницкъбар бакъонца доогӀуш хуьлуьйтуш, аьлла.

"Пхи шо хьалха Францина тIелатар дича, ерриг пачхьалкхаша гIортор йира тхуна"– дагадаийтира Макрона New York Times газетана ша еллачу интервьюхь.

Макрона дуьйцург дара, бусалба динца догIуш доцу, Мохьммад пайхамарна ехкина карикатураш зорбане яьхначу Charlie Hebdo сатиран журналан редакцехь герз деттар.

Францин президенто латкъам бира, цхьадолчу Америкерчу а, Британерчу а газеташа "ницкъбар бакъонца догIуш лору ш, проблеман орам Франци расизман а, исламафобин а пачхьалкх хилар ю, бохуш дIахьедарш а дерш", аьлла.

ГIадужу-беттан 16-хь Францехь кортабаьккхинера Пати Самюэль цIе йолчу хьехархочуьнан, цо дешархошна Charlie Hebdo журнала тIера карикатураш гайтинчул тIаьхьа.

"Цхьа цакхетам бу баьржина, стенах лаьтташ ю Европера модель, ша аьлча, францойн модель бохучух лаьцна, – элира Макрона. – Американ юкъаралла мультикультурана тIеялале цхьаьна ехачу тайп-тайпана этникан тобанаш а, динаш а долу, сегрегацин (адамаш бос а, къаьм а бахьанехь декъна) чулацам болуш хилла".

"Тхан модель универсалан (массарна а мегаш) ю, муьлтикультуран яц", - билагалдаьккхира францойн лидеро. Цо дийцарехь, дукха хенахь дуьйна схьадогIуш ламаст ду Францин махкахой, дин а, къам а тидаме эцна, категорешка боькъуш цахилар.

"Тхан юкъараллехь суна башхалла а яц, адам муьлхачу басахь ду – Iаьржа, можа я кIайн, католик ву иза я бусалба ву бохург. Адам – иза коьртачу декъана махкахо ву", - аьлла Макрона.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG