ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама Баракан книга санна дукха дIаэцна яц цхьана а президентан мемуараш


Зорбане яьхна де-буьйса далале дIаэцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хиллачу Обама Барака язйина мемуараш – 900 эзар книга, яздо Британерчу The Guardian газето.

Иза рекорд ю президент Iийначун книга сиха а, дукха а дIойокаяларца. Клинтон Биллан "Сан дахар" книгин 400 эзар экземпляр йоьхкина хилла араяьллачу дийнахь, Буш Джорджан "Сацам тIеоьцу хан" мемуарех 200 эзар книга бен ца йоьхкина араевллачу 24 сахьта чохь.

Amazon а, Barnes & Noble а цIе йолчу интернет-сервисаша юхкучу книгашлахь коьрта бестселлер ю Обамин "Нигат дина латта". Иза арахецначу Penguin Random House зорбан цIийно ша цкъа а ца деллачу барамехь дукха ахча авансехь дIаделла авторна – 65 миллион доллар.

ХIинца араяьлларг Обамин кхоалгIа книга ю ( хьалхо араелира "Сан ден сатийсамаш" а, "Хьогаман доьналла" а книгаш).

Шен керлачу книгехь Обамас дагалоьцу Оьрсийчохь Медведев Дмитрий президент а лаьтташ, Путин Владимир премьер волчу хенахь ша Путинан даче кхайхкар, шена цуьнан амал гергга йовзайолар. "Со ца велира деллачу хьалхарчу хаттарна жоп делла, Путин чухьаьдда, ехха монолог йолийра, охьаягарйора шена хетарехь америкахоша шена а, Оьрсийчоьнан халкъана а йина харцонаш, тешнабехкаш, кураллаш", яздо автора. Ца соццуш къамел дора Путина, 45 минот а елира, амма ша иза юкъах ца ваьккхира, ладуьйгIира, "кхеташ дара, цо шен къамел хьалххе кечдинера, ткъа цуьнгара дегбаам – иза моттаргIа а яцара", – билгалдоккху Абамас.

ШолгIачу дийнахь официалехь а доцуш Оьрсийчоьнан юкъараллин векалшца цхьанакхийтира ша, цара цигахь шега хаьттича, муха го шена Путин, ша делла жоп иштта дара, яздо Американ президент лаьттинчо: "Суна иза сайна хьалха а вевзича санна хета, цхьана куьпарчу харцхьа берийн босс санна, бакъду, карахь зарратан герз а, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамзаллин Нхеташонехь вето кхайкхо йиш а йолуш".

"Ас аьллачух боьлура гулбелларш, ткъа со вацара бегаш беш. Путинах суна баккъал а тарвелира цхьа зама хьалха Чикагона я Таммани-холлна тIехьожуш леллачу жоьлкийн баьччанах. Къиза, шен кепехь хьекъал долу, нах ловзош воцу, шена оьшург хууш волу, хьал шен карара ца далийта кхаъ балар, шантаж эккхийтар, стагна гIелояр низамехь хIуман хеташ волу баьчча. Иштачу дуьненахь гIиллакх-оьздангалла, нехан хьекъале ойланаш хьешар зуламе ца лору. Мелхо а иза толамхочун билгало лору", яздо Обама Барака шен керлачу книги тIехь.

XS
SM
MD
LG