ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗаьIап бераш уггаре дукха долу мехкаш бу Оьрсийчохь Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а


2020-чу шеран хьалхарчу денна Оьрсийчуьрчу берех заьIап ларалора 687 эзар бер – массо а берашлахь 2,5% гергга. Хила тарлучу дозанал дуккха а лакхара ду и терахь Къилбаседа Кавказехь – цигахь заьIап ду х1ора уьтталгIа бер. Ткъа Нохчийчохь - 11,9%, Г1алг1айчохь - 9,5%.

Оьрсийчуьрчу кхечу регионашкахьчул эшна ду дахар Къилбаседа Кавказерчу берийн, боху "ГIо оьшу" цIе йолчу фондан талламо.

Бераш уггаре дика деха меттигаш ю Москва а, гонахара кIошташ а, Петербург а, Ленинградан кIошт а, иштта Белгород а, Татарстан а. Рейтингехь аутсайдераш ю Жуьгтийн автономи, Курган-мохк, Алтай, Тыва, Нохчийчоь.

2018-чу шеран хьоло гайтира, чохь бераш а долуш, уггаре хала бохку доьзалш массанхьачул а дукха болу мохк Нохчийчоь хилар (47,1%).

2019-чу шарахь Оьрсийчуьра х1ора 3-17 шераш долчу берашлахь хIора шолгIаниг дара школехь дешарал совнаха цхьацца кхетам кхиоран корматаллаш Iамош – 56,3%. Массанхьачул лахара ду и терахьаш Къилбаседа Кавказехь.

Карарчу шеран 1-чу дийнан хьал: Комин Республикехь 1,5-3 шераш долчу берашна кхочу бошмаш яра ГIалгIайчуьрчу берашна кхочучаьрца юьстича 14-зза дукха.

XS
SM
MD
LG