ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь: Ижигова Iайшина гIело йинчу дейишина 6 шо хан тоьхна


ГIалгIайчуьрчу Соьлжа кIоштан кхелехь дирзина 8 шо долу Ажигова Iайша айпеярх долу дов.

ЙоьIан дейиша Ганижева Макка а, полицехь болх беш хилла цуьнан майра Марзиев Iиса а бехкебина зуламна. Набахтехь такха 6 шо кхайкхийна Ганиевана, 2,5 шо – Марзиевна. Дейишас тIеэцна шена бехк, амма къера ца хилла цуьнан хIусамда.

  • Стохка аьхка 7 шо кхаьчначу Ажигова кхачийра Несарарчу лоьрашна тIе, дегIаца дуккха а чевнаш, кегйина межеш а йолуш. Москва берийн хирурган Рошаль Леонидан институте йигича, дIадаьккхира цуьнан куьг. ЦIаялийна, ГIалгIайчохь еха хIинца Iайша.
  • Зуламан лорах лецира Iедало Ганиева Макка. Цуьнца цхьаьна жоьпе озийра Ганиев а, тIаьхьо полицерчу даржера дIа а воккхуш.

XS
SM
MD
LG