ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: «Адам-Гезг» а, «Капитан Америка» а васташ хийцина Ушарма-Шайхан а, Кадыров Ахьмадан а суьрташца


Ушарма-Шайх
Ушарма-Шайх

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана берийн центрехь хила хьашт дац аьлла, емалдина «Адам-Гезг» а, «Капитан Америка» а дIадаьхна гIишлон пенаш тIера, церан метта хIиттийна Ушарма-Шайхан а, Кадыров Ахьмадан а суьрташ.

Америкера Marvel-комиксийн васташ оьшуш дац нохчийн берашна, церан метта «бакъболу турпалхой хIиттабе», омра дира деношкахь ша Куьрчала кхаьчначу мехкан куьйгалхочо.

  • Хьалхо хаам баьржира, Нохчийчоьно 9,6 миллион соьманна тендор кхайкхийна, махкахь президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан цIарх мидалш, орденаш арахоьцург, аьлла. Шарахь и тайпа совгIаташ деш меттигерчу Iедало дайина ахча кхочу 34,6 млн соьме.
  • 2004-чу шарахь юкъаяьккхина ю Кадыров Ахьмадан орден. Иза ло республиканна хьалха «даккхийн хьуьнаршгайтарна». Кадыровн гергарчу нахалахь дукха а бу и орден лелош.

XS
SM
MD
LG