ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра Карабахе хьовсийначу машарбархойн буьйранча ву Дагестанера схьаваьлла инарла Мурадов Рустам


Ломан Карабахе машарбан хьовсийначу ницкъийн некъ чекхбаьлла, эскар дIакхаьчна ша лаьттар долучу метте, хаам бина пIераскана тIеман мнистра Шойгу Сергейс.

Цо бахарехь, 15-гIа шакъаьстина йолу гIагIадиллина бригада ю конфликтан зоне хьажийнарг. I960 эскархо а, 552 техника, гIирс а дIакхачийна 250 кеманийн рейсашца, хаийтина Шойгус президентана.

Лачинан Уче, Карабах Арменех дIатуху чIаж, ерриг а цIанйина оьккхучу герзах, хадан долийна цигахь Оьрсийчоьнан ницкъаша.

Машарбаран контингент шен караеллачу инарлас Мурадов Рустама (къомах – табасаранхо, Дагестан) довзийтина эскар дIакхаьчначу меттигашкара хьал – бина барт ларбеш ю Азербайджан а, Эрмалойчоь а.

Карарчу беттан 10-чу буса кхаа декъашхочо (Оьрсийчоь, Азербайджан, Эрмалойчоь) барт бира конфликт йижо, тIом сацо. Документо Оьрсийчуьра 2 эзар эскархо машарбаран миссица дIатарван магадо Карабахан дозанашца.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG