ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялх шо – Африкехь гIу яккха 7 201 сом хьажорна. Ахча террористашна делла боху


Гуев Георгией
Гуев Георгией

Москварчу тIеман кхело набахтин шогачу хьелашкахь яккха 6 шо хан кхайкхийна Къилбаседа ХIирийчуьрчу Гуев Георгийна. Иза бехкевина дагестанхочо Саситлинский Абу-Iумара лелочу "Мухаджирун" фонде "тероризм тIекIаеш" 7 201 сом хьажорна. Бакъду, юьхьанца талламо и ахча ду бохура 50 миллион сом.

28 шо долчу Гуевс бехк тIе ца эцна. Дуьйцу ахча ша хьажийна юьйцучу фонде, амма иза ша сагIийна делира, бусалба пачхьалкхашкарчу къехошна гIу яккхийта, чIагIдо цо. Амма цуьнан къамел тергамза дитина кхело.

"Кхело цхьа а дехар, ала луург герга ца витира. Кхеташ дара, кхелахой хан тоха лерина буйла. Бехках мукъа ваккха шеко а йоцуш догIура. Тхуна моьттура мел кхетта а, кхел тхайх кхетар ю, амма ца хиллера иза ишта. Жоьпе валийнарг мукъавоккху зама яц хIара – пачхьалкхехь 1 проценте а ца кхочу цкъа лецна бевлла бакъбар. Тхо къийсадала дагахь ду, шеко яц Гуев Георгий хуманна а бехкевацарх", - дIахьедина адвоката Батыров Сослана.

  • Къилбаседа ХIирийчуьрчу юкъаралло агIолоцу Гуевн. Хьалхо Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре кхел нийсонца яйтар доьхуш дIахьедарш дира Пачхьалкхан Думин депутата Макиев Зураба а, "Бесланан наной" комитето а.

XS
SM
MD
LG