ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Довш долчу кIиранах: Массо а пена тIе - Кадыров Ахьмад, ткъа цуьнан воI резавоцчунна - Iазап


28 шо долчу Москварчу яхархочо ша ФСБ-н цIенна хьалха пикете хIотто йоьдуш караэцна хилла плакат. "Кадыровн Нохчийчоь. Оьрсийчоьнан полигон".
28 шо долчу Москварчу яхархочо ша ФСБ-н цIенна хьалха пикете хIотто йоьдуш караэцна хилла плакат. "Кадыровн Нохчийчоь. Оьрсийчоьнан полигон".

Оршот, Лахьан-бутт, 16

Тепсуркаев вар талла долийна эххара а

Telegram-каналерчу "1Adat"-пабликан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорах долу дIахьедар зен долийна Талламан комитето. Юхьанца талламчаш реза ца хилла стаг вадорца доьзна бехктакхаман дов айдан, амма байначу беттан 21-чу дийнахь и сацам юха а баьккхина, лехамаш дIаболийна.

Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. 1ADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна ша машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзинаваьлла Тепсуркаев хиира шишанна тIе.Хууш ду иза Iедалхоша лаьцна, Геленджикера Соьлжа-ГIала вигинийла. Шен цIийнах кхетаза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг.

Блогер Абдурахманов вуьйриг лучу ахчан дакъа караделла киллерна

Швецехь йоьдучу кхелехь хазийра блогер Абдурахманов верна луш хиллачу ахчан барам. Ша вен везарг тергалвеш хьийзарна, видеоца иза гайтарна, шена 10 000 евро караделлера, новкъанна ахча а делира, кхин а 40 эзар доллар тIедала дезаш а дара, аьлла Абдурахманов вен гIортарна жоьпе озийначу Мамаев Руслана.

Цо кхелехь дина дареш довзийтина ша Абдурахманов Тумсос шен ютуб-каналехула. Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцна Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.

Шинара, Лахьан-бутт, 17

Кадыровс дIадахийтина берийн майданера васташ - Капитан Америка а, Адам-Гезг а

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан реза ца хилира Куьрчалахь крела йинчу берийн майданахь дехкийнчу васташна.

Цунна хетарехь, бераш ловзучу меттехь бахка хьашт дац америкахойн Marvel-комиксашкара турпалш. Цо емалдина «Адам-Гезг» а, «Капитан Америка» а дIадаьхна гIишлон пенаш тIера, церан метта хIиттийна Ушарма-Шайхан а, Кадыров Ахьмадан а суьрташ.

Кхаара, Лахьан-бутт, 18


Европан кхело толлур ду Тепсуркаевх хилларг

Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело листа тIеэцна нохчийн жигархо, Телеграмерчу 1АДАТ пабликан модератор Тепсуркаев Салман варах долу арз.

Бакъоларъярхоша Оьрсийчоь декхарейо Тепсуркаев лаха а, иза мукъаваккха а, цунна кхерамзалла кхачо а. Юьхьанца Европан кхело т1е ца ийцира арз, амма масех де даьлча, шен сацам юха а баьккхина, листа магийна.

Путинах, иза президентан даржах мукъаваьлча, сенатор вийр ву

Оьрсийчохь президент Iийначуьнга цуьнан оьмар чекхъяллалц сенаторан дарж дала магадо Федерацин кхеташо кхолларх лаьцна Пачхьалкхан Думехь тIеоьцуш долчу низамо. Конституцица карлаяккхарца доьзна президента Думе хьажийначу документан лорах бина и сацам.

Проекто бахарехь, сенаторан статус караоьцуш президента ша дарж дитале 3 бутт хьалха чудала деза оьшу документаш. Экс-президентан кхерамзалла чIагIъеш долу низам а ду Думехь дийцаредеш.

Еара, Лахьан-бутт, 19

Дагестанехь - керла премьер-министр

Дагестанан Iедалехь куьйгалхочун гIовс лаьттинчу Амиранов Iабдулпатахьна ханна тешийна премьер-министран дарж, хаам бо"Интерфаксо".

Мордовин куьйгалхочун дарж Волков Владимира дитар къобалдина президента Путин Владимира, цуьнан метта ханна хIоттийна Дагестанехь премьер-министр Iийна Здунов Артем.

Обама Баракан книгин рекорд

Зорбане яьхна де-буьйса далале дIаэцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хиллачу Обама Барака язйина мемуараш – 900 эзар книга.

Иза рекорд ю президент Iийначун книга сиха а, дукха а дIойохкаяларца. Клинтон Биллан "Сан дахар" книгин 400 эзар экземпляр йоьхкина хилла араяьллачу дийнахь, Буш Джорджан "Сацам тIеоьцу хан" мемуарех 200 эзар книга бен ца йоьхкина араевллачу 24 сахьта чохь. Penguin Random House зорбан цIийно ша цкъа а ца деллачу барамехь дукха ахча авансехь дIаделла авторна – 65 миллион доллар.

ПIераска, Лахьан-бутт, 20

ЗаьIап берийн дукхаллица "тоьлла" Нохчийчоь

2020-чу шеран хьалхарчу денна Оьрсийчуьрчу берех заьIап дара 700 эзар гергга бер –2,5%. Хила тарлучу дозанал дуккха а лакхара ду и терахь Нохчийчохь - 11,9%, Г1алг1айчохь - 9,5%.

Бераш уггаре дика деха меттигаш ю Москва а, Петербург а, иштта Белгород а, Татарстан а. Чохь бераш а долуш, уггаре хала бохку доьзалш массанхьачул а дукха болу мохк а бу Нохчийчоь (47,1% доьзалшна ца тоьу рицкъ). Карарчу шеран 1-чу дийнан хьал: Комин Республикехь 1,5-3 шераш долчу берашна кхочу бошмаш яра ГIалгIайчуьрчу берашна кхочучаьрца юьстича 14-зза дукха.

Зоррос Нохчийчуьра схьабевлла къуй лецна Петербургехь

Петербургехь полисхоша кинологийн а, Зорро жIаьлин а гIоьнца схьалаьцна меттигерчу 18 шо долчу кIантанна школин кертахь тIе а летта, буса къола дина Нохчийчуьра схьаваьлла ши стаг – 23 шо кхаьчна Докка а, 24 шарера ваьлла ВахIид а.

6 шо хан тоьхна Ажигова Iайша айпейинчу дейишина

ГIалгIайчуьрчу Соьлжа кIоштан кхелехь дирзина 8 шо долу Ажигова Iайша айпеярх долу дов.

ЙоьIан дейиша Ганижева Макка а, полицехь болх беш хилла цуьнан майра Марзиев Iиса а бехкебина зуламна. Набахтехь такха 6 шо кхайкхийна Ганиевана, 2,5 шо – Марзиевна. Дейишас тIеэцна шена бехк, амма къера ца хилла цуьнан хIусамда.

Муха велла ТIеман баьчча Темирбулатов?

"Правовая инициатива" ("Бакъонан инициатива") проекто дехар хьажийна Дуьненаюкъарчу Къаьмнийн организацин Адамийн бакъонашкахула йолчу комитете нохчийн тIеман баьчча Тимербулатов Салман валарх йолу информаци йовзийта Оьрсийчоь декхареяр доьхуш.

Владимир гIаларчу набахтера Соьлжа-ГIала кхачийнначу дийнахь – Гезгмашин-беттан 26-чохь – велира Тимербулатов. Дог иккхина велла иза аьлла бара официало баржийна хаам. Хьалхо Дуьненаюкъарчу Къаьмнийн организацин Адамийн бакъонашкахула йолчу комитето сацам бира, Оьрсийчоьнан Iедало бехк ма-доггIу таллаза, низам а дохош лаьцна кхобу 6 нохчо, аьлла. Буьйцучаралахь вара Тимербулатов Салман а.

Шотт, Лахьан-бутт, 21

Мурадов Рустам - Оьрсийчуьра Карабахе хьовсийначу машарбархойн буьйранча

Лачинан Уче, Карабах Эрмалойчоьнах дIатуху чIаж, ерриг а цIанйина оьккхучу герзах, хадан долийна цигахь Оьрсийчоьнан ницкъаша.

ТIеман министралло хаийтарца, машарбаран контингент елла инарле Мурадов Рустамае (къомах – табасаранхо, Дагестан).Цо довзийтина эскар дIакхаьчначу меттигашкара хьал – тIом сацо бина барт ларбеш ю Азербайджан а, Эрмалойчоь а.

Ялх шарна набахти – Африкехь гIу яккха 7 201 сом хьажорна

Москварчу тIеман кхело набахтин шогачу хьелашкахь яккха 6 шо хан кхайкхийна Къилбаседа ХIирийчуьрчу Гуев Георгийна. Иза бехкевина дагестанхочо Саситлинский Абу-Iумара лелочу "Мухаджирун" фонде "тероризм тIекIаеш" 7 201 сом хьажорна. Бакъду, юьхьанца талламо и ахча ду бохура 50 миллион сом. 28 шо долчу Гуевс бехк тIе ца эцна. Дуьйцу ахча ша хьажийна юьйцучу фонде, амма иза ша сагIийна делира, бусалба пачхьалкхашкарчу къехошна гIу яккхийта, чIагIдо цо. Амма цуьнан къамел тергамза дитина кхело, хаам баржийна Гуевн адвокато.

К1иранде, Лахьан-бутт, 22


Наркотикаш буха а кхийсина, ахча доьхуш лецна полисхой

Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу информацица, "Дербентехь кхаа полисхочо, шайн белхан декхарш кхочуш дечу хенахь, вахархочунна наркотикаш буха а кхийсина, бехктакхамах хьалха вериг ахча дехна". Вахархо полисхоша доьхучу ахчан цхьа дакъа дIадала реза хилла, амма ша цара дIа ма-хецна арз дина министраллин куьйгалле.

Лецначаралахь ву Дербентерчу полицин наркотикашна дуьхьалоечу декъан Исаев Мурад а. Цо магийна шен белхахошна лаьцначуьнгара шаьша доьху миллион ах миллионе охьадаккха. Цул тIаьхьа 7 грамма опий буха а кхоьссина, тешашка цунах даредайтина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG