ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу хиламех: хирург кхелхина, нохчийн спортхо тоьлла, ткъа алапаш лахара ду Нохчийчохь


Коьрта хирург кхелхина Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу могушаллин министраллан коьрта хирург Муцуров Хизир кхелхина аьлла, хаамбина министро Сулейманов Эльхана

"Доккхачу халахетарца хоуьйту ас, тхан белхан накъост, могушаллин министраллан коьрта хирург хилла Муцуров Хизир кхалхарх. Оьзда, къинхетаме, цомгашчийн дика терго еш лор вара иза", - билгалдаьккхина министро.

Лоьрийн цIарах а, шегара а кадам бина Муцуровн гергарчаьрга Сулейсанов Эльхана.

Къилбаседа Кавказехь къаьсттина дукха бу лахара алапа оьцурш

Лахара алапаш оьцучу регионийн могIарехь нисъелла Къилбаседа Кавказера дуккха а республикаш, яздо REGNUM агенталло.

.ХIоттийначу тептарехь "антилидер" яьлла Дагестан (29,1%). Иштта ду оршотан дийнахь Новости агенталло динчу аналитикан зерийн жамIаш.

Оцу юкъанна кIезиг алапа оьцуш бу аьлла лоруш бу баттахь 15 эзар соьме алапа ца долу белхахой. Оьрсийчуьра хIора 11-гIа белхало ву церан чотехь.

Доккха дакъа Къилбаседа Кавказехь хааделла. Кхарачой-Чергазийчохь 15 эзарал а лахара алапа кхочу 27, 4 процент болх бечу бахархошна.

Нохчийчохь 26,6% бу уьш, ГIебарта-Балкхаройчохь 26, 2 процент, Къилбаседа ХIирийчохь 26 %, ГIалгIайчохь 24,8%.

Бинчу талламашца, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Ставрополан кIоштахь хьал мел а эвсара ду. Цигахь 18,6 процент бу I5 эзар сом алапа оьцу нах,

Нохчийн спортхочо толам баьккхина Европан чемпионатехь

"Ахмат" клубан дзюдо латарехь спортхочо Башаев Тамерлана Прагехь дIаяьхьначу Европан чемпионатехь дашо мидал яьккхина. 100 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь шен махкахочуьнца Тасоев Иналца хиллачу тасадаларшкахь тоьлла Башаев.

Билгалдоккху, Башаев Тамерлан дзюдоист а, самбист а ву. Европан чемпионатехь шолгIа меттиг яьккхира цо хьалхо, иштта елира цунна Европан Кубок а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG