ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь полицин хьаькам лаьцна цхьа могIа зуламашна бехкевина


Дагестанерчу Кизляран кIоштан полицин декъан куьйгалхо лаьцна, терроризм бакъярна а, стаг вен кхайкхорна а. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам, ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьосташна тIетевжина.

"Оьрсийчоьнан Коьртачу талламан комитетан урхалло лаьцна ву иза. Цхьа могIа зуламаш лелорна жоьпе озийна иза, иштта, терроризмна а, стаг вер вовшахтохарна бехкевеш", - аьлла агенталлан хьостано.

Цкъачунна официалан гIирсаша цунах лаьцна дуьйцуш дац.

  • Шайгарчу бакъонел а тIехбуьйлуш, хьарамлонаш лелийна аьлла, кхеле озийра хьалхо Дагестанера кхо полисхо.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG