ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

21 стаг кхелхина коронавирусах дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 21 дархо. Керла вирус къаьстина кхин а 1 052 стагаца.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, COVID-19 уьнах Краснодаран кIоштахь велла ворхI пациент, Ставрополан махкахь а, Дагестанехь а виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ, Нохчийчохь шиъ, ГIалгIайчохь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина коронавирусах 3 496 стаг.

Къаьсттина дукха буу н даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 224 стаг:

  • Ставрополан кIоштахь + 224 (26 131 ву эпидемии яьржичхьана)
  • Краснодарана махкахь + 173 (20 899)
  • Дагестанехь + 99 (18 234)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 99 (12 077)
  • Кхарачой-Чергазийчохь + 87 (11 608)
  • Адыгейхь + 82 (7 452)
  • ГIалгIайчохь + 74 (8 922)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 74 (8 826)
  • ГIалмакхойчохь + 69 (11 042)
  • Нохчийчохь + 80 (3 677)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 128 868 стаг ву COVID-19 ун токхуш. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь ву тахана, Лахьан-беттан 23-чохь 2 114 502 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG