ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьххьара дийнахь-буса а 25 эзар стагаца ун къаьстина Оьрсийчохь


Тахана Лахьан-беттан 23-чохь Iораяьккхинчу статистикаца, (аннекси йина ГIирма а лерина) Оьрсийчохь коронавирусан инфекци къаьстина 25 173 стагаца. Пандеми яьржичхьана керла уггар а лакхара терахь ду иза. Кхул а хьалха кхаа дийнахь динчу зерашца, 24 эзарал а лакхара хуьлура цомгашчийн терахь.

Вирусца къийсам латточу оперативан штабо хаамбарца, къаьсттина дукха бу керла цомгашхилларш Москвахь – 6 866 стаг ву 24 сахьтехь. Санкт-Петербургехь кхо эзар гергга вахархочуьнца къаьстина коронавирус, Подмосковьехь эзар гергга ву.

Верриг а Оьрсийчохь COVID-19 ун токхуш ву ши миллион 114 эзар сов стаг. Яхначу буса дарбан хIусамашкара араваьккхина 16 эзар дархо.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса велла уьнах 36I дархо, ткъа пандеми яьржичхьана 36 540 стаг.

Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацин (ВОЗ) зерашца, дуьненахь коронавирусан инфекцица ву 57 миллион 800 сов стаг.

ХIопкинс Джонан Университето динчу лараршца, 58 миллион ах миллион сов ву дуьненчохь ковид ун даьлла стаг. Цхьа миллион 380 эзар дархо кхелхина. Къаьсттина дукха буу н даьлла нах Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь – 12 миллион сов. ШолгIа меттиг дIалоцу ХIиндойчоьно – 9 миллион, кхоалгIачу могIарехь Бразили ю – 6 миллион ун даьлла стаг ву цигахь, Оьрсийчоь пхоьалгIачу меттигехь ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG