ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латархо Харитонов: суна ахча схьа ца луш леттера иза сох


Яндиев Адам

Кху деношкахь шена йиттина UFC- н латархо Яндиев Адам курхаллаш лелорна бехкевина Оьрсийчоьнан ийначу кепехь (ММА) латархочо Харитонов Сергейс. Декхар схьа ца дала летта шех шен оппонент аьлла, билгалдаьккхина цо.

"Харитоновс бахарехь, ша шех тешаш хиларх а, юкъаметтиг дика хиларх а пайда а эцна, шегара Iехийна миллион сов сом ахча даьккхина Яндиевс", - дуьйцу Baza телеграм-канало.

Сергейс бахарехь, 2017-чу шарахь делла цо Адаме дуьйцу ахча. Ресурсан хаамашца, латархочо чуделла арз бахьана долуш полицино талламаш болийна.

  • Карарчу беттан 13-чохь леттера Яндиев а, Харитонов а. Яндиевс кастетца масийттазза тоьхнера Харитоновна. Оцу тIехула Яндиев 48 сахьтана лаьцна витира, цунна дуьхьал шиъ бехкзуламан гIуллакх даьккхина.
  • Ницкъаллийн структурийн версица, оцу латарехь Харитоновна коьртах чевнаш йинера, мара а кагбинера. Ткъа цуьнан доттагIчун Абдо Русланан а кагбира мара а, мочхал а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG