ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIа далийна 16 бер Дагестане дIакхачор ду


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Карарчу беттан 13-чохь Шемара цIа далийна бераш Къилбаседа Кавказан мехкашкарчу церан гергарчаьрга дIакхачор долуш ду, яздо REGNUM агенталло. Дагестане дIахьажор ду 16 бер аьлла, хаамбина республикан берийн омбудсмено Ежова Маринас.

Цо дийцарехь, кху муьрехь 3,5 шарера 16 шаре кхаччалц долу бераш Москвахь латтош ду. Лоьрех чекхдаьхначул тIаьхьа гергарчийн кара лур долуш ду уьш.

Карладоккху, Лахьан-беттан 13-чохь пачхалкхан тIеман министраллан кеманца Шемара Оьрсийчу кхачийна 31 бер. Цул тIаьхьа пхи де даьлча Къилбаседа Кавказерчу мехкашкарчу гергарчу нахе дIакхачийра бархI бер. Цул тIаьхьа кхин а ворхI бер дIадигира Нохчийчу а, Дагестане а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG