Зулам дина аьлла, кхеле хIоттийначу меттигерчу вахархочун гIуллакх листина Гуьмса гIалин суьдхоша. Ницкъаллийн структураша дIасавалар дихкина хилла иза, шен лаамехь хIусамера ваьлла дIавахана хиллера.
Кхелахоша къастийна, полисхоша тергонехь латтош хилла иза хьалха а кхел йина хилар. Цхьаннах дага а ца волуш, шен лаамехь Краснодаран кIоштарчу Армавире вахана хилла бехкевийриг. Прокуроро бехкбиллар тергоне а эцна, кхело тIечIагIдина цуьнгара зулам даьлла хилар. Шога хьелаш лаьттачу колонехь яккха хан тоьхна Гуьмсерчу вахархочунна.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!