ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эпсар лазийна Карабахехь


Мина иккхина Ломарчу Карабахехь чевнаш йина Оьрсийчуьрчу цхьана эпсарна а, Ломара-Карабахан республика аьлла, шаьш дIакхайкхийначу лаьттан виъ вахархочунна а. Азербайджанан эскарера эпсар велла.

Кху беттан 23-чохь Тертерскан кIоштахь белларш лоьхуш бара машарбархойн тоба а, Карабахан орцан министралла а, дуьнеаюкъара ЦIен жIара а.

Мадагиз олучу эвлана гергахь эскархой лилхинера минаш тIехь. Дахарна кхераме чевнаш яц лазийначаьрца аьлла, хаамбина журналисташка Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

Урхаллан векалан дешнаш далош, ТАСС агенталло хаамбарехь, кIира сов хан ю билгалъяккхинчу тобанаша белларш лоьхуш, уьш болчаьрга дIабохка дIалуш, белхаш бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG