ТIаьххьарчу дийнахь-буса а динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь 30 стаг велла коронавирусан инфекцех. Кхин а 1 058 вахархочуьнца вирус къаьстина.
Эпидемица къийсам латточу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь велла COVID-19 вирус йолу исс дархо, Краснодаран кIоштахь ворхI, Ставропол-махкахь виъ, ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а кхоккха, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а цхьацца.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах 3 526 пациент.
Къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставропл-махкахь – 226 стаг:
Ставрополан мохк + 226 (26 357 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 163 (21 062)
Дагестан + 104 (18 338)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 88 (12 165)
Кхарачой-Чергазийчоь + 86 (11 694)
АдыгеI + 81 (7 533)
ГIалгIайчоь + 78 (9 000)
Къилбаседа ХIирийчоь + 75 (8 901)
ГIалмакхойчоь + 71 (11 113)
Нохчийчоь + 86 (3 763)
Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш 129 926 дархо ву таханалерачу дийнахь. Оперативан штабан информацица, ерриг а Оьрсийчохь ву коронавирусан уьнца 2 138 828 стаг.