ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара бераш далийна Нохчийчу


Соьлж-ГIалара аэропорт
Соьлж-ГIалара аэропорт

Соьлж-ГIаларчу аэропортехь охьадоьсина Шемахь ялх шо даьккхина ши бер далош догIу кема, хаамбо Грозный-Информ агенталло. 12 а, 15 а шераш долу йиша а, ваша а ду и шиъ: Абкаров Маьхьди а, ПетIимат а. Церан ненах лачкъийна, къайлах дас дIадигина хиллера и ши бер ша Шема воьдуш. Берийн нана дарбан хIусамехь Iуьллуш хиларна, аэропорте дуьхьал еанера Устрадара берийн ненана а, кхинболу гергара нах а.

Нохчийчуьрчу берийн бакъонашларъярхочо Хирахматов Хьамзата дийцина журналисташка, бераш могуш а, дикачу хьолехь а ду, шайн нана ган хьаьгна а бу уьш аьлла.

"Кхин а 60 бер ду вайн регионера Шемахь дуьсуш. Уьш цIа дерзон мел оьшу кехаташ кечдина оха", - аьлла Хирахматовс.

16 шаре кхаччалц долу 31 бер далош Шемара Оьрсийчу кхочур ду пачхьалкхан тIеман министраллан кема аьлла, хаамбира Маршо Радионо кху беттан юккъерчу деношкахь. Оьрсийчоьнан 6 субъектера гергарнаш бара уьш лардеш. "Церан могушалла зийначул тIаьхьа, оьшу карантинан барамаш а бирзича шайн гергарчийн доьзалашка дIакхачор долуш ду бераш", хаамбира Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша.

Оьрсийчоьнан омбудсменан Кузнецова Аннин гIоьнца цIа дерзийна: Иракъера 122 бер, Шемара 75.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG