- ФБР-н белхахочо Нохчийчуьра вахархо вер толлур дац Америкерчу кхело
2013-чу шарахь Нохчийчуьра вахархо Тодашев ИбрахIим верах долу гIуллакх листар сацийна Америкерчу Флорида Штатан кхело. Хаамбо ТАСС агенталло, кхелан документашна тIетевжина.
Бостонерчу марафонехь динчу терактна тIехула хеттарш дечу хенахь ФБР-н белхахочо тапча тоьхера цунна. Зулам вовшахтоьхначу ЦарнаевгIеран вежаршца Тамерланца а, Джохарца а уьйраш хиллера Тодашевн.
2017-чу шарахь цуьнан гергарчара иск чуеллера.
Iедалхоша чIагIдора, ша левечу заманчохь ФБР-н белхахошна тIелеттера иза, тIаккха дезнера Макфарлан Ааронан иза вен бохуш. Ткъа гергарчара чуделлачу арз тIехь билгалдаьккхина, Тодашевгахь герз дацара аьлла.
2018-чу шарахь Макфарланан адвокаташа дехар динера иск бахьана долуш долийна гIуллакх сацаде аьлла. Кхело бух болуш ду боху ФБР-н белхахочо шайна тIелеттарг вер.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2013-чу шарахь дIахьедира Тодашев ИбрахIим дика кIант вара, ткъа ЦарнаевгIар Нохчийчоьнца боьзна бацара бохуш. Иза тешна ву, Тодашев бахьана а доцуш, вийна ву аьлла.
2013-чу шарахь Охан-беттан 15-чохь Бостонехь динчу шина терактехь вийра кхо стаг, чевнаш йира 280 вахархочунна. Терактна бехкебира Нохчийчуьра схьаваьлла ЦарнаевгIеран ши ваша Тамерлан а, Джохар а. Тамерлан полисхошца хиллачу кхийсаршкахь вийра, ткъа дийна висина Джохар вуьйш сацам тIеийцира кхелахоша, амма апелляцин кхело юхабаьккхира.
- Оьрсийчоьнан 52 регионехь зуламаш дар алсамдаьлла
Шо карадеачхьана зуламаш дар алсамдевллачу Оьрсийчоьнан регионашлахь билгалъяьккхина Севастополь а, Санкт-Петербург а, Ленинградан кIошт а. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Дечкен-баттера ГIадужу-батте кхаччалц далийначу статистикан зераша тоьшалла до цунах.
Севастополехь зуламаш совдевлла 44, 3 процентна, Санкт-Петербургехь 24,9%, ткъа Ленинградан кIоштахь 13,1 процент. Цул совнах лидерийн итт регионна юкъахь ю Смоленскан, Костроман, Новгородан, Калуган, Псковн кIошташ а, Карели а. Цигахь зуламаш дар лакхадаьлла 9,2%.
Билгалдаьккхинчу шарахь зуламаш дар лахделла Нохчийчохь 18,8 процентна, Къилбаседа ХIирийчохь 17,5 процентна, Адыгейхь 13,9 %.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зерашца, 2020 шо доладелчхьана Оьрсийчохь 1,7 миллион зулам дина, ткъа иза 1,1 процентна лакхара ду 2019-чу шарца дуьстича.
Оьрсийчоьнан 52 регионехь зуламаш дар совдаьлла, ткъа 33 регионехь лахделла.
- Роспотребнадзоран тIедахкарш лардарна тIехь терго латтор ю Нохчийчохь
Бахархошлахь масканаш лелорна тIехь терго латтош рейдаш дIаяхьар кхайкхийна Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана.
ТIейогIучу хенахь ницкъаллийн структураша юкъараллан къепе а, кхерамзалла а ларъеш, масканаш лелорна тIехь терго а еш, шайн болх дIабахьа беза аьлла цо.
"Роспотребнадзоран а, могушаллин министраллан а тIедахкарш кхочушдан деза, дуьйцийла йоццуш. Административан жоьпалла тIедожор долуш ду и бехкамаш кхочушбеш воцучунна", - аьлла Алханов Руслана.