ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн протестийн лидерийн кхел йолийна


Ставрополан кIоштарчу Ессентуки гIалин кхело дуьххьарлера кхеташо дIаяьхьна, стохка Зазадокху-баттахь Магасехь хIиттийначу гIалгIайн протестийн лидерийн гIуллакх луьстуш. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело Кисловодскан кхел яра билгалъяьккхина, дов листа. Амма эвсара гIишло цигахь ца хиларна, кхелахочо Ессентукехь барт хоттур бу кхеле хIиттийначаьрга.

ВорхI стаг ву кхеле хIоттийна: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.

Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина Чемурзиевн а, Барахоевн а адвокато Ахильгов Калойс, прокуроро дехар динера кхел къевлинчу неIаршкахь дIахьо аьлла.
"Совнахберш чу ца бита дагахь хиллера прокурор. Къайлахчу сервисашкара кехат даьккхинера цо, делахь а, кхел йиллина дIаяхьа барт хилира суьдхочун. Цул совнах магийна видео дIаязъян а. РогIерчу кхеташонехь видеопротокл хIоттор ду оха", - аьлла, дийцина адвокато.

Ахильговс бахарехь, 24-чохь процессе тIекхайкхина вара итт теш, амма царех цхьа а ца веара.

Нохчийчоьнца дозанаш къастош барт хиллачул тIаьхьа протесте бевлира ГIалгIайчуьра жигархой. Зазадокху-беттан 27-чохь митинг йохийра полисхоша, цул тIаьхьа цигахь дакъалаьцначарна дуьхьал бехкаш даха долийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG