ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ковидах 26 стаг велла


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах 26 стаг велла. 1070 ву кхин тIе вирус кхеттарг.

Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь велла исс дархо, Краснодаран кIоштахь ворхI, Ставрополан махкахь пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ, Нохчийчохь шиъ велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина COVID-19 вирусах 3 552 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан кIоштахь: 222 стаг:

Ставрополан мохк̆ + 222 (26 579 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 167 (21 229)
Дагестан + 101 (18 439)
Нохчийчоь + 91 (3 854)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 88 (12 253)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 88 (11 782)
ГIалмакхойчоь + 8I (1 1194)
ГIалгIайчоь + 79 (9 079)
Адыгей + 78 (7 611)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 76 (8 977)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун токхуш ву 130 997 дархо. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчоохь ву коронавирусан уьнца 2 162 503 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG