ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харитоновн а, Яндиевн а дов дирзина, вовшашна къинтIера а ваьлла


ММА-н Оьрсийчоьнан латархочунна Харитонов Сергейна а, UFC-н спортхочунна Яндиев Адамна а юкъахь лаьттина дов дирзина, ший а вовшашна къинтIера а ваьлла, дийцина Адаман вашас Яндиев Абубакара.

"Товш йоцучу конфликтан тешаш дара вай массо а, вовшашна бух боцу бехкаш а дехкина, маьттаза дIахьедарш а деш хиллачу. Амма, шиннан а хьекъал тоьъна шаьшиннан бехкаш хиларна мукIарло а дина, дов дерзон. Собар а эшна, хьаштдоцург шен багах даларна гечдар дехна Сергейс, ткъа Адама ша латарна. Вовшийн ший а къинтIера а ваьккхина, дов дирзина", - яздина инстаграмехь Абубакара.

Яндиевс гечдар дехна шега аьлла, дийцина Харитоновс. Йоьдучу пресс-конференцехь цо хаийтина, "шен довхочуьн ца цхьанакхетарх" а, "цунна къинтIераваларх а", яздо "Чемпионато".

"Ца оьшу суна цхьа а бехкзуламан гIуллакхаш а, йа тIаьхьаваьлла лелар а. Ялх беран да ву со. Адаман диъ бер ду. Да хила веза доьзалан. Стаг галволуш а хуьлу, амма юх-юха шегара ледарлонаш йийлийта мегар дац. Сайгара хIун дер ду а ца хаьа суна", - аьллачу Харитоновн дешнаш далийна "Чемпионат" гIирсан корреспонденто.

Харитоновн адвокато Пахомов Олега бахарехь, Яндиевна дуьхьал айдина гIуллакх дIакъевлина.

  • Карарчу беттан 13-чохь леттера Яндиев а, Харитонов а. Яндиевс кастетца масийттазза тоьхнера Харитоновна. Оцу тIехула Яндиев 48 сахьтана лаьцна витира, цунна дуьхьал шиъ бехкзуламан гIуллакх даьккхина.
  • Ницкъаллийн структурийн версица, оцу латарехь Харитоновна коьртах чевнаш йинера, мара а кагбинера. Ткъа цуьнан доттагIчун Абдо Русланан а кагбира мара а, мочхал а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG