ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а молханийн къоьлла лаьтта


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Коронавирусан ун даьллачу нахана дарба до аьлла, Оьрсийчоьнан могушаллин министралло хьехначу молханийн къаьсттина къоьлла лаьтта Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу кхаа регионехь. Препараташ ца тоьачу мехкийн тептарехь ю Кхарачой-Чергазийчоь а, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а. Иштта бу Оьрсийчоьнан халкъан фронтан (ОНФ) мониторинган жамIаш, яздо REGNUM агенталло.

Кхарачой-Чергазийчуьрчу 58 процент аптекашкахь дац вирусна дуьхьало латтон молханаш. Нохчийчуьрчу 35 прцент, ГIалгIайчуьрчу 26 % аптекашкахь ца карийна антибиотикаш.

"Интерфаксо" яздарца, ОНФ-н жигархоша теллина Оьрсийчуьра 11,8 эзар аптека, (аннекси йинчу ГIирмера а цхьана).

Коронавирусан эпидемица къийсам латточу оперативан штабо дIахьедарца, тIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 26 стаг, вирус къаьстина кхин а 1071 вахархочуьнца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG