ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара хиламаш: Нохчийчохь ковид яржаран кхерам бу, Соьлж-ГIалара Петербурге кеманаш лелар ду


Нохчийчоь
Нохчийчоь
  • Масканаш ца лелаяхь, карантин чIагIйийр ю Нохчийчохь

Нагахь санна Нохчийчуьрчу бахархоша масканаш лелош ца хилахь, махкахь эпидемина дуьхьал барамаш чIагIбан тарло. Регионерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада дина цунах дIахьедар, яздо Федеральное Агентство Новостей гIирсо.

Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Кхаарин дийнахь Даудовс дакъалаьцна COVID-19 вирусца къийсам латточу белхан тобанца. Цигахь дийцаредина субъекташкара эпидемиологин хьал а, федералан а, регионалан тIегIанехь уьнна дуьхьал деш дерг а.

Спикера бахарехь, цкъачунна Нохчийчуьра коронавирусца йоьзна ситуаци мел а контролехь латтош ю, амма, дарбан хIусамашка нах дукха кхийлахь, цхьа дозанаш ца диттича Iедалхой бевр бац.

"Ойла яйша, ковидах ларвала атта ма ду, чуьра аравала йиш а йоцуш вуьсучул а", - аьлла, билгалдаьккхина Даудовс.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Нохчийчохь 91 стаг билгалваьлла коронавирусан инфекцица. Ун даьржина 3 854 бахархошлахь.

  • Соьлж-ГIалара Санкт-Петербурге кеманаш лелар ду

КарабогIучу беттан 5-чу дийнахь "Ютэйр" авиакомпанино керла рейс юкъаялош ю Соьлж-ГIалара Санкт-Петербурге. Шинарин а, кхаарин а, шоьтан а, кIиранан а деношкахь кеманаш дIасалелар ду оцу маршрутца.

"Санкт-Петербург" – уггар а приоритете йолчу агIонашлахь ю вайн аэропортна, цундела, мехкан куьйгалхочун тIедиллар кхочуш а деш, кхин а сов эвсара хьелаш кхоьллина оха пассажирашна лерина. ХIинца таро хир ю нийса Санкт-Петербурге дIадоьдучу кеманца дIаса а лелаш, шайн хан а, ахча а кхоо а", - аьлла аэропортан директоро Шахгириев Iалвис.

"Ютэйр" –"Аэрофлот" а, S7 а, "Уральские авиалинии" а дIаяьккхича 4-гIа уггар а йоккхачех Оьрсийчоьнан авиакомпани ю. Стохка 7,7 миллион пассажир дIасавигина "Ютэйр" компанино.

  • Магасехь хиллачу протесташна тIехула кхин а цхьаъ лаьцна

Стохка Зазадокху-баттахь ГIалгIайчоьнан дозанаш хийцича Магасехь йолийна хилла протесташ бахьана долуш меттигера вахархо Оздоев Мохьмад-Башир лаьцна ницкъахоша.

Фейсбукерчу шена агIонехь бина цунах хаам адвокато Беков Мохьмада. Цо бахарехь, Оздоев Нальчике дIавуьгуш ву. Цкъачунна хууш дац, муьлхачу артиклехь бехк кховдийна цуьнга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG